Нохчийн меттан де

25.04.2016

25-г1а апрелехь арахецна нохчийн маттахь дуьххьарлера газета "Серло". Тахана, 25-чу апрелехь, вай даздо Нохчийн меттан Де. Х1ара де юккъера хилла д1ах1оьттина 2007-чу шарахь Нохчийн Республикан президента мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца № 207 долу указаца.